Дахарехь оьшу болччу хьоле баккха беза нохчийн мотт

Дахарехь оьшу болччу хьоле баккха беза нохчийн мотт
Фото: www.stolicaplus.ru

 

Даиманна а сан иэсехь дисина бераллера ши сурт… Тезетехь къамел деш ву къано. Iасанан юьхьиг яйн лаьттах а Iуьттуш, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, наггахь, Iасанна тIе чIениг таIайой, соцунгIа а хуьлуш, къамел до цо цIена нохчийн маттахь. ТIечехаш а вац иза. Дов деш а вац. Хьехам беш ву вайн дахарх а, кхалха дезарх а. Жима а, воккха а цуьнга ладоьгIнначохь сацавелла… Тезет, нохчийн тезет дара иза, вайн дайша лелийна, латтийна. Тезетан гIиллакхаш лардеш дIахьош долу.

 

Сан иэсехь дисина шолгIа сурт ловзаран сурт ду… Ловзар ду дIадоьдуш. ХIоттийна стол ю, коьртехь инарла а волуш, хевшина Iаш баккхийнаш болуш. Ловзаран дола деш, ловзаран кеп, низам лардеш кхо стаг ву: божарийн тхьамда, мехкарийн тхьамда, човс. Масех стаг хелхаваьлча, пондар-вота сацадо. ЛадугIу йиш локху. Юха… цхьамма вистхила пурба доьху. Цкъа ламанан шовда хуьлий, юха пондаран мерз хуьлий, тIаккха зарзар хуьлий бека нохчийн мотт. Къонанаш, багош а гIаттийна, ладоьгIуш Iа. Цо дуьйцург, цуьнан меттан аьхналла, хазалла, исбаьхьалла гIамаро хи санна дIахудуш, кхана Iуьйранна, цуьнан метта охьахаа хан кхаьчча, цо санна хаза шен ненан мотт бийца…

Бераллера и ши сурт кест-кеста карладуьйлу суна. Карладуьйлу цкъа сан дог хьоьстуш, Iехош, юха гIайгIане вожош. Суна гина и сурт, сан хенарчарна а гина. Таханлерчу къоначарах дукха буй те и сурт гинарш, я ган лиънарш, лууш берш? Цунна жоп хIара могIанаш доьшучо хIорамма а ша лур ду. Амма, ца кхоьрруш ала ваьхьар ву: хьалхалера (сан бераллера) тезеташ а дац вайн, ловзарш а дац. Хьалхалерра ца хуьлукхий тезетан а, ловзаран а гIиллакхаш, кепаш ларъеш вай ца хилча, вайна уьш ларйича а, ца ларйича а бен-башха хеташ ца хилча.

Вайн керташка беркат, ирс, марзо йохьуш долу ловзар а кех даккха хьийзадо вай, ресторан, кафе, гIали юкъ лоьхуш. Вай ойла ца йо и беркат, ирс, марзо ресторанехь юьтуш хиларан, ловзаран гIиллакхаш дохош, талхош хиларан.

Оцу башхачу гIиллакхашна, Iадаташна инкарло ярца хердала дуьйлало вай вешан маттана а. Ткъа вай цунна херлуш догIуш ду. Тахана санна мотт бийца, кхио, баржо, марзбан, ца Iебаш цуьнан мерза мутт мийла маршо цкъа а хилла яц вайн къоман, хир а яц, хуьлийла а дац. Вешан ненан маттана тIедерза оццул йоккха маршо яьллашехь цунна пебетташ, цунах ца дешаш, «Иза-м стенна оьшура?» бохуш берш алсамбовлуш бу. Тамашийна хIума ду иза. Цунах кхета ца ло. Муха кхетар ву цунах?..

Нохчашна шайн мотт Iалашбан, кхион, марзбан аьтто беш Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца хIора шеран оханан (апрель) беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де ду аьлла билгалдаьккхина. Республикин Парламенто Нохчийн тIеэцна «Нохчийн меттан хьокъехь» долу Указ. Уггаре а коьртаниг Нохчийн Республикин Конституци тIехь чIагIдеш ду вайн республикехь нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а пачхьалкхан меттанаш хилар. Доцца аьлча, Iедало дерриге а дина вайга ненан мотт Iамабайта, кхиабайта, къоначарна бовзийта некъаш схьадостуш, вайн цу тIехь аьттонаш беш. Амма, халахеташ делахь а, вай оцу аьттонах, паргIатонах, маршонах эца ма-беззара пайдаоьцуш дац. Хилча таханлера хьал хир а дацара. ДIасахьовсийша. Вайн ярташкахь, гIаланашкахь уьш нохчийн хиларан цхьа а билгалонаш хаалой шуна? Вайн цхьана а юьртана, гIалина тIекхочуш оцу юьртан я гIалин нохчийн цIе яц язйина. «Ведено», «Агишбатой», «Виноградное», «Петропавловское», «Ушкалой», «Серноводская», «Червленная» и. дI.кх.а яздина го вайна. Оцу яртийн цIерш иштта яха а йоху вай, Ведана, ЭгIашбета, Бамат-Юрт, Чурт-ТогIи, ЧIиннаха, Энахишка, Оьрза-ГIала ца олуш. Иштта хьал ду хин цIерашца а (масала «Аржи-Ахк» – Iаьржа ахк. Белам!) Вайна хьан дихкина оцу яртийн а, гIалин а, хин а цIерш вайн нохчийн маттахь язъян а, яха а? Вай ваьшка дихкина-кх, тIаьхьенашна уьш ца йовзийта санна.

Хьаххийначуьра аьлча, Нохчийчоьнан хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт бийцарна тIехь терго латторан комиссин декъашхоша «Орга» журналехь, «Даймохк» газетехь зорбатоьхна республикерчу нохчийн яртийн цIерш. Царах пайдаэца безара халкъо.

Нохчийчуьрчу туьканашна, кафешна, ресторанашна, тайп-тайпанчу офисашна техкинчу цIершна юкъахь наггахь бен карор яц нохчийн цIе. ГIамаршна юккъехь шовда карийча санна хазахета «Синтем», «Зезаг», «Ирс», «Токхо» цIерш гича. Вуьшта, дукхах йолу цIерш ингалсан, французийн, италхойн, испанхойн, оьрсийн меттанашкахь ю. Иза шен ненан маттах цавашар санна хета суна. Шен ненан маттах цавашар, дех-ненах, шен къомах, шен махках цавашар ду. Иза йоккха дакъазалла ю.

И хилла а ца Iа. Везачу АллахIа нохчий кхоьллина вай.Кхечу къаьмнех къастош хаза мотт, цуьнца иэдина хаза гIиллакхаш, эхь-бехк, оьздангалла, яхь-юьхь елла вайна. И дерриге а тIедузуш Дала бусалба а дина вай, Шен боккхачу къинхетамца. ТIаккха Далла хьалха а Iесалла ю аьлла хета суна, Цо белла мотт ца бийцар, гIиллакхаш дIатасар, дайн Iадаташ дицдар. Цунах кхета а кхетта, нохчийн мотт Iаморна тIедерза дезара вайн дерриге а халкъ жима а, воккха а. Цу декъехь деш хIумма а дац бохург дац иза. Дера ду.

Iилманчаш, (хила безачаьрга хьаьжча вайн вуно кIезиг бу нохчийн меттан Iилманчаш) аьлча а, Iилманийн цхьа кIеззиг тоба ю, кхолладеллачу хьолах дика кхета а кхеташ, нохчийн мотт кхиоран декъехь къахьоьгуш. Цара тIеэца кечъеш ю «Нохчийн меттан орфографи» тояран программа. Иштта Нохчийчоьнан Iилманийн академехь леррина тоба ю нохчийн мотт компьютер чу баккхаран декъехь болх беш, цу чохь леррина программаш кхуллуш. Цу чу яьхна А.Мациевн а, А.Карасаевн а дошамаш. ЦхьамогIа кхин белхаш а бу беш. Иза чIогIа дика а ду, амма кхачаме дац. Вайн ненан мотт баккъал а къоман мотт хилла дIахIоттийтархьама дан дезаш дерш Iаламат дукха ду. Хилар вайна кхолладеллачу хьоло хьеха а хьоьху.

ХIун дан деза тIаккха и хьал тодан? Оцу хаттарна вай, марз а делла, иштта жоп ло: «Ненан матте марзо кхолла еза, иза марзбан беза!» Бакъду иза. Марзбан беза. Муха? Арсанукаев Шайхис (Дала гечдойла цунна) шен «Нохчийн мотт» байтехь аьлла ма-хиллара, «Моз санна, мерза бу, безаш волчунна»… Бан а бу. Мерза а бу, аьхна а бу, хьалдолуш а… бу. Иза иштта хилар вай берана «аганан гIажца» туьйш дIахаийта деза. Амма хоуьйтуш дац. Вайн-м дукхах болчеран хIусамашкахь ур-атталла аганаш а дац. Аганан илли цул хьалха арадаьккхина, дицдина наноша. «Нана» ала а ца Iамадо берана. Цунна даима а дегара ненера (дукха хьолахь) хезаш берг цуьнан тIамарна, амална гергара, хьоме хила безаш болчу нохчийн меттан меттана хезарг я оьрсийн, я ингалсан, я кхин мотт хиларх лардала Iама деза вай. Тахана дукхах болчу доьзалшкахь (къаьсттина гIаланашкахь) берашка буьйцуш берг оьрсийн я кхечу къоман мотт хуьлу. Оцу матте безам а, ойла а кхуллу – дахарехь оьшур бу олий.

Делахь-хIета, довл-довлуш уггаре а лазамечунна тIедовлу вай кхузахь: мотт дахарехь-Iерехь эшарний, цаэшарний, цуьнга хьашт хиларний, цахиларний. Тахана вайн дахарехь нохчийн мотт эшар, цуьнга хьашто хилар ца хаало. Цундела и Iамо а ца гIерта. И цахаарх я деша ваха а, я балха хIотта а новкъарло ца хуьлу. Дахарехь иза оьшуш хиларан хьал хIотто хIумма а хала дац, я цунна харжаш яр а ца оьшу.

ГIезалойчохь а, къаьмнийн цхьамогIа кхечу регионашкахь а Iедалан дарже стаг дIа ца оьцу шен къоман мотт дика хууш хилчий бен. Ткъех шо хьалха шайн маттахь иттех дош ала а ца хууш, оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а цIерш шайн берашна а тохкуш Iаш хиллачу гIезалойх дукха болчарна шайн ненан мотт хаьа, мотт кхиоран гIуллакхна оцу республикехь хIора шарахь масех бIе миллион сом ахча хьажадо, беккъа цхьана гIезалойн маттахь дийнахь а, буса а болх беш телерадиокомпани ю. Иза шех пайдаэца хьакъ долу дика масал ду.

Нохчийчуьра хьал а дукха сиха хийцалур дара, аьр вай, цхьана а дарже вохуьйтур вац шен ненан мотт (йозанан а тIехь) ца хууш волу нохчи аьлла Iедало дIахьедича. И тоьар дара. ШолгIачу дийнахьехь массо а да, нана араэккхар дара шайн берашна нохчийн мотт Iамо меттиг лоьхуш. Хьал-бахамна мел вукъавелларг а юьстах вуьсур вацара.

Кхин цхьаъ а. Нохчийн мотт Iалашбаран, кхиоран, марзбаран декъехь къахьоьгуш болу хьехархойн, Iилманчийн сий-ларам лакхабаккха беза. И тайпанаш вайн дIора дукха а бац. ТIаккха, вай и кIеззиг гIуллакхаш дича а, тахана санна телевиденехь, радиохь, газеташкахь, журналашкахь нохчийн маттахь говза еша а, яздан а, нохчийн мотт цIенна бийца а хууш болчу журналистийн къоьлла хир яцара. Тахана и къоьлла вайх хIоранна а чIогIа хаалуш ю. Цхьана суьйранна телевизора хьалха хиъначунна хаалур а ю. Вайн телерадиокомпанешкахь дукхах йолу передачаш оьрсийн маттахь еш ю, иштта, цхьаъ доцург, дерриге а газеташ а оьрсийн маттахь арадуьйлуш ду.

ХIокху могIанийн автора хаьттина вайн республикехь арахоьцуш долчу бусалбанийн газетийн коьртачу редакторшка: «Бусалбанашна лерина а хилча, хIокху газеташ тIера дукхах йолу материалаш оьрсийн маттахь хIунда ю шун?». Шина а газетан куьйгалхочун жоп цхьабосса дара: «Оьрсийн маттахь язйинчух вай дерриге а дика кхета. Цул сов, нохчий боцурш а бу Нохчийчохь бусалбанаш». И-м, вайна а хаьа. Вайна кхин цхьаъ а хаьа: нагахь санна, стаг бусалба дин довза а, цуьнан хьокъехь йолу материалаш еша а лууш велахь, цо (муьлххачу къомах хиларх) нохчийн а, Iаьрбийн а, ингалсан а мотт Iамор бу, Iама а бо. Цундела цунах кхера ца оьшу. Кхера оьшу нохчийн маттана иэшам хиларх, нохчийн дош лахдаларх. Вайн маттах кхечу къоман векалш цакхетарна кхоьруш вайн оьрсийн мотт бийца а, оцу маттахь а яздеш дIадолхахь кхана Iуьйранна ерриге а передачаш оьрсийн маттахь еш, дерриге а газеташ оьрсийн маттахь арахоьцуш дIахIуьттур ду. Вайн къам кхиоран Iалашонца догIуш дац иза. Вай и ойла хийца еза.

И ойла хийца арадаьккхина ма ду Кадыров Рамзанан Указ а, Парламентан законаш а, Нохчийн Республикин Конституци тIера хьокъала йоллу статья а. Вайна йоккха маршо ма ло цара. Гарехь, вайна и тоьаш дац. Вайна цхьа кхин хIума оьшу – нохчашна нохчийн мотт дахарехь эшийтар, цуьнга хьашто хилийтар. Иза вай лакхахь хьахийна а, кхечу регионаша шайх шуьйра пайдаоьцуш а некъ бу. Вай а оцу новкъа довла деза… тIаьхьа хилале.

С-Хь.ДАДАЕВ

 

 
По теме
Кафедра "Технология строительного производства" ИСАиД ГГНТУ провела научный семинар на тему:  "Материалы и технологии для ремонта, восстановления и реставрации объектов культурного наследия"  в рамках Года истории,
Центр защиты леса Чеченской Республики инициировал начало работы по дополнительному озеленению территории вокруг Мемориала героям, павшим в боях Великой Отечественной войны.
ЧЕЧНЯ.  Заместитель начальника управления - начальник Центра лицензионно-разрешительной работы Управления Росгвардии по Чеченской Республике полковник полиции Усман Дакаев стал гостем телепередачи «Актуальная тема» на ГТ
ЧЕЧНЯ. В рамках реализации национального проекта «Безопасные качественные дороги» в Ножай-Юртовском районе республики ведутся работы по ремонту моста на 1 км подъезда к селу Чурч-Ирзу от а/д Ножай – Юрт – Зандак – Симсир
ИА Чеченинфо
ЧЕЧНЯ. Перед судом предстанет местный житель, обвиняемый в применении насилия в отношении представителя власти Ачхой-Мартановским межрайонным следственным отделом завершено расследование уголовного дела в отношении 33
ИА Чеченинфо
В городе Аргун планируется создание школы креативных индустрий - ИА Грозный-информ В Министерстве культуры ЧР состоялось совещание в режиме видеоконференции по вопросу реализации «дорожной карты» - создания в регионах России школ креативных индустрий в 2024 году в рамках федерального проекта «Придумано
ИА Грозный-информ
Кафедра "Технология строительного производства" ИСАиД ГГНТУ провела научный семинар на тему:  "Материалы и технологии для ремонта, восстановления и реставрации объектов культурного наследия"  в рамках Года истории,
ГГНТУ