Хьуна хаьий нохчийн мотт?..

Хьуна хаьий нохчийн мотт?..
Фото: vesti95.ru

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь кегийрхошна юкъахь хаттам дIабаьхьира оха. «Нохчийн меттан дийнан хьокъехь» Указ юкъадаьккхина 10 шо кхочуш хилар царна хаьий а, церан доьзалшкахь нохчийн мотт буьйций а хьожуш (церан дехарца фамилеш ца йовзуьйту оха).

Раяна, ТIехьа-Мартан кIоштан СемаIашка юьртан яхархо, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан отделенин 1-чу курсан студентка:

– Нохчийн мотт сайна хазахетарна а, дукхабезарна а яхана со нохчийн меттан отделене деша. Со школехь доьшуш йолуш дуьйна нохчийн мотт хьеха лаам болуш а яра. Сайна иза кIорггера хаьа ала-м хIуттур яц, делахь а, оцу тIехь къахьега ойла-м ю сан. Тхан доьзалехь даима а нохчийн мотт буьйцу. Бакъдерг дийцича, сайн нийсархошца,тхо цхьаьнакхеттачохь, массара а цхьабосса оьрсийн мотт буьйцу, тIаккха, ас а оьрсийн мотт бийцича бен тхан къамел дIа а ца доьду. Цаьрца нохчийн маттахь йистхила а, къамел дан а хьаьгна хуьлу со.

ИсмаьIал, Соьлжа-ГIалин вахархо:

– Сан бералла Россин кхечу регионехь дIаяхана. 2008-чу шарахь цIадаьхкина тхо. Оьрсийн берашна юкъахь со кхуьуш хиларе терра, нохчийн мотт бийцар ца нислора сан. ДагадогIу суна, тхан дас-нанас ас чохь оьрсийн мотт буьйцуш шайна хезча, даима а дов дора суна, «нохчийн мотт бийца», олий. Ишта-м, нохчийн маттахь еша а, нохчийн мотт бийца а хаьа суна.

Милана, Соьлжа-ГIалин яхархо:

– Суна хуур дац, суна нохчийн маттахь дика йистхила ца хаьа, – юхаелира йоI. Оха йохье яьккхира Милана. ТIаккха, бехкала а яхна, цо элира: – Соьлжа-ГIалахь йина а, кхиъна а ю со. Кхузахь, дукха хьолахь, буьйцург оьрсийн мотт бу. Берийн бешахь а, школехь а, уьйтIахь ловзучу хенахь а буьйцуш хезарг даима а оьрсийн мотт хуьлура. Цо тIеIаткъам бар бахьана долуш, тахана ас, дукха хьолахь, буьйцург оьрсийн мотт бу. Школехь тхуна хьехна нохчийн мотт, амма, суо бер долчу хенахь дуьйна сайн лерехь бекна мотт оьрсийниг хилла хиларна, суна иза Iамо чолхе хетара. Тахана, баккъал а, хIинца аш санна, сайга кхечо а оцу хьокъехь дерг хаьттича, суна чIогIа эхь хетар ду.

Малика, Соьлжа-ГIалин яхархо:

– Бакъдерг дийцича, кIорггера нохчийн мотт а, шира дешнаш а дика ца девза суна. Амма, тхан доьзалехь даима а нохчийн мотт бийцина. Тхо кхузахь Iийна а, Iаш а ду, хIетте а, цкъа а чохь оьрсийн мотт буьйцуш хезна а дац суна. Вайна ма-хаъара, хIокху заманахь, къаьсттина кегийрхошна юкъахь,чIогIа даьржина ду вовшашца оьрсийн мотт бийцар. Цхьаболчара-м дозаллица а хоуьйту ненан мотт шайна цахаар. Уьш, баккъал а, Iехабелла нах бу. Дуьненан къаьмнийн меттанаш Iамо а деза, уьш хиъча дика а ду. Делахь а, шен ненан мотт дIа а тесна, муха буьйцур бу кхечу къоман мотт?!

 

З.ХАСИЕВА

№ 31 (2925)

Ещё новости о событии:

Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмчохь нохчийн къам Нохчийн меттан денца декъалдира.
10:01 26.04.2017 Вести республики - Грозный
Тахана Нохчийн Республикан бахархоша даздеш ду ненан меттан Де. Дагадаийта лаьа, Ахьмад-Хьажин Рамзана 2007 шарахь шен омрица т1еч1аг1дира и деза де билгалдаккхар.
18:50 25.04.2017 Общественная палата - Грозный
Лараме Ахьмадан Рамзан!  Хьоме махкахой! Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца.
18:02 25.04.2017 ИА Чечня Сегодня - Грозный
Автор: Зубайр Байраков Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмчохь нохчийн къам Нохчийн меттан денца декъалдира.
16:42 25.04.2017 ИА Чечня Сегодня - Грозный
Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмчохь нохчийн къам Нохчийн меттан денца декъалдира.
15:23 25.04.2017 Главa и Правительство - Грозный
Ас­саламу ӏалайкум, хьо­ме доттагӏий! Тахана нохчийн халкъо даздеш ду уггаре а мехалчу дезденойх цхьаъ - Нохчийн меттан де!
14:46 25.04.2017 Комитет по делам молодежи - Грозный
Тахана Нохчийчохь дезде ду – Нохчийн меттан де. Тайп-тайпана хуьлу деза денош: хьехархойн, лоьрийн, геологийн, студентийн, прокурорийн, баккхийчу нехан, берийн, иштта кхин а, кхин а. Хьенан дезде ду Нохчийн меттан де?
10:47 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Элпаш ас школехь Iамийнехь а, оьшучу вастехь со яздан Iамийнарг «Серло» газет ду.
10:47 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Хьуна хаьий нохчийн мотт?.. - Вести республики
Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь кегийрхошна юкъахь хаттам дIабаьхьира оха.
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Даиманна а сан иэсехь дисина бераллера ши сурт… Тезетехь къамел деш ву къано.
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Хьоме махкахой! Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Лараме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан матте безам боцуш верг, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцуш верг, иза Iалашбеш воцург шен Даймехкан бакъволу патриот хуьлийла дац.
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
 
По теме
ЧЕЧНЯ. Перед судом предстанет местный житель, обвиняемый в применении насилия в отношении представителя власти Ачхой-Мартановским межрайонным следственным отделом завершено расследование уголовного дела в отношении 33
Заместителем прокурора республики Сергеем Семёновым утверждено обвинительное заключение и направлено для рассмотрения по существу в Ачхой-Мартановский районный суд уголовное дело в отношении местного жителя,
Следователями ОМВД России по Урус-Мартановскому району окончено производством и направлено в Урус-Мартановский городской суд уголовное дело, возбужденное в отношении жительницы г. Урус-Мартана, 1998 года рождения.
ЧЕЧНЯ. В рамках реализации национального проекта «Безопасные качественные дороги» в Ножай-Юртовском районе республики ведутся работы по ремонту моста на 1 км подъезда к селу Чурч-Ирзу от а/д Ножай – Юрт – Зандак – Симсир
ИА Чеченинфо
В городе Аргун планируется создание школы креативных индустрий - ИА Грозный-информ В Министерстве культуры ЧР состоялось совещание в режиме видеоконференции по вопросу реализации «дорожной карты» - создания в регионах России школ креативных индустрий в 2024 году в рамках федерального проекта «Придумано
ИА Грозный-информ
Кафедра "Технология строительного производства" ИСАиД ГГНТУ провела научный семинар на тему:  "Материалы и технологии для ремонта, восстановления и реставрации объектов культурного наследия"  в рамках Года истории,
ГГНТУ