Нохчийн йозанан мотт когабахаран чолхе юьхь

Нохчийн йозанан мотт  когабахаран чолхе юьхь
Фото: vesti95.ru

ДIадахана ХХ-гIа бIешо долалуш кегаре заманаш дукха яьхкира Россин пачхьалкхехь: Япони пачхьалкхаца тIом, 1905–1907-чуй шерийн революци, Дуьненан хьалхара тIом, 1917-чу шеран февралехьлера, юха Октябрехьлера революцеш, 1921-чу шаре кхаччалц бахбелла Граждански тIом. Оцу ерриге а къизаллашна тайп-тайпанчу хьелашкахь юкъаозийнера Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а.

Ишттачу хьолехь 1921-чу шарахь Нохчийн областан ревкомана коьрте хIоттийра, Паччахьан Iедал долуш Россин Пачхьалкхан думин шина кхайкхаман депутат а лаьттина, кIорггера Iилма а долуш, Iедалан болх а бевзаш хилла волу Эльдарханов Таьштамир. Нохчийн йоза-дешарца долу вуно ледара хьал шена девзаш хиларе терра, уггаре а хьалха цо тидам тIебахийтинчарах дара мелла а сиха массанхьа школаш яхкар а, тIекхуьу бераш Iамо нохчашна шайна юкъахь хьехархой кечбар а, баккхийчарна юкъара йоза цахаар дIадаккхар а.

Чолхе хаттар дара хьалха хIуттушдерг: муьлхачу буха тIехь дIахьур ду нохчийн йоза кхиор – оьрсийн я Iаьрбийн алфавита тIехь? Цкъа делахь, 1862-чу шарахь П.Услара Дишни-Веданарчу Досов Къедица цхьаьна оьрсийн элпийн буха тIехь хIоттийна алфавит а, абат а яра. ШолгIа делахь, лелаш яра Iеламнаха пайдаоьцуш Iаьрбийн элпашца хIоттийна нохчийн алфавит. Iаьрбийн элпашца ерг Гайсумов СугIайпа 1910-чу шарахь тойира, цуьнан буха тIехь масех тептар ара а хийцира цо. Ткъа оьрсийн элпашца ерг Т.Эльдархановс кхинтIе а тойина, 1911-чу шарахь зорбане яьккхира. Нохчашна юкъахь дукха ца хиллачу йоза-дешар Iамочарна юкъахь цхьаьний лийлира и ший а алфавит 1920-гIа шо кхаччалц.

Эххар а, 1921-гIа шо долалуш, Iаьрбийн элпашна тIехь йолчу алфавитехьа берш алсам а хилла, Т.Эльдархановс А.Турчаевца цхьаьна хIотта а йина, еша-Iамо кхин а аттачу а яьккхина, нохчийн абат арахийцира. Иза а шаре ца елира. ТIаккха Сугаипов ШахIаба кхитIе а тойина, тIе ца тоьа элпаш юкъа а далош, цаоьшурш дIа а дохуш, тойинчу алфавитца йоза-дешар дIадаьхира Нохчийчохь, тайп-тайпана тептарш ара а хоьцуш.

Нохчийн маттаца доьзна дуьххьарлера газет, хууш ма-хиллара, араделира Соьлжа-ГIалахь 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь. Цуьнан цIе «Советская Автономная Чечня» яра. Цу тIехь оцу муьрехь оьрсийн маттахь а, оьрсийн графики тIехь нохчийн маттахь а, Iаьрбийн графики тIехь нохчийн маттахь а статьяш арайийлира. Иштта хьал дIадахана 1925-гIа шо кхаччалц.

1925-чу шарахь нохчийн алфавит латинин буха тIе яьккхира. (Цул ши шо хьалха, 1923-чу шарахь, латинин графики тIе даьхнера гIалгIайн а, хIирийн а, гIебартойн а меттанаш). М.Сальмурзаевс а, Х.Ошаевс а латинин графики тIехь хIоттийна нохчийн алфавит чIагIйира Нохчийн Автономин областан ЦИК-н Президиумехь.

Оццу 1925-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чу дийнахь, «Советская Автономная Чечня» газет, цIе хуьйций, «Серло» цIарца арадала долало, дерриге а нохчийн маттахь а долуш, амма юха а ши графика – Iаьрбийн а, латинийн а – эйинчу нохчийн маттахь. Нохчийн мотт Iаьрбийн элпашна тIера латинин графики тIе баккхар кIеда, лазаме доцуш хилийта Iалашо йолуш, кхин а шина шарахь оцу кепехь арадолу «Серло» газет. Ткъа 1926-гIа шо чекхдолуш, нохчийн маттахь газеташ а, Iаматаш а, кхийолу литература а арахеца Соьлжа-ГIаларчу типографина, леррина Ленинградехь кеч а йойтий, латинин графики тIехь йолчу нохчийн алфавитан шрифт йохьу. 1927-чу шарахь буьззина латинин графики тIе болу «Серло» газетехь болу нохчийн мотт.

Иштта чолхе хуьлу ХХ-гIа бIешо долалуш нохчийн йоза кхиоран юьхь.

Амма кхузахь билгалдаккха деза кхин цхьа хIума. Вай лакхахь, хIара къамел долош, эрна ца хьахийра 1921-чу шарахь Нохчийн автономни областан ревкоман председатель Эльдарханов Таьштамир хIоттийна хилар. Нохчийн къомана юкъахь иштта къонах хилар доккха ниIмат хилла вайн махкана кегаре а, чолхе а беанчу оцу муьрехь. Халкъалахь вевзаш а, везаш а хиллачу цунна гуонаха гулло нохчашна юкъахь Iилма долу нах – Х.Ошаев, М.Исаева, М.Сальмурзаев, А.Нажаев, С.Арсанов, цхьамогIа кхиберш а. Халкъана юкъахь йоза-дешаро лелочу маьIнех кхеташ болчу цара вуно чIогIа къахьийгира оцу шерашкахь. Таьштамир а воцуш, халкъана мила ву а ца хууш, цхьа «революционер» оцу дарже нисвеллехьара, нохчийн йоза дIахIоттар, шардалар кхин а чолхе, кхин а деха хила мегара.

Кхин цхьаъ а.

Т.Эльдарханов 1925-чу шарахь, даржехь лакхавоккхуш, Дона-тIерачу-Ростове балха хьажийча, цо ша ревкомана коьртехь волуш кхоьллина нохчийн интеллигенцин кхерч Арсанов СаьIид-Бейс ша редактор волчу газете схьаберзийра. Дуьххьара «Советская Автономная Чечня» а, юха «Серло» а цIерш хиллачу газетан редакцехь цо латийна хилла оцу кхерчан цIе хIинца а, дIаян йиш йоцуш, вайн ХХI-чу бIешаре ели, тахана «Даймохк» газетехь йогуш а ю. ДIа а йовр яц, нохчийн къам а, нохчийн мотт а дуьненахь мел бу.

 

Хь.Юнусов

(ХIара материал кечъеш пайдаэцна 1976-чу шарахь арахецначу А.М.Арсанукаевн «Нохчийн советски литература. 8-чу классана учебниках» а, хIокху Интернет-сайташна тIерачу хаамех а: nohchalla.com, gilno.ru wikiplanet.click/enciclopedia/ru).

 

№ 31 (2925)

 
По теме
Заместителем прокурора республики Сергеем Семёновым утверждено обвинительное заключение и направлено для рассмотрения по существу в Ачхой-Мартановский районный суд уголовное дело в отношении местного жителя,
Следователями ОМВД России по Урус-Мартановскому району окончено производством и направлено в Урус-Мартановский городской суд уголовное дело, возбужденное в отношении жительницы г. Урус-Мартана, 1998 года рождения.
Террористы из "Крокус Сити Холла" могли быть под действием психотропных веществ - ИА Грозный-информ Правоохранители не исключают, что совершившие теракт в "Крокус сити холле" находились под действием психотропных веществ, проводятся необходимые экспертизы, сообщил РИА Новости источник в правоохранительных органах.
ИА Грозный-информ
Алимхан Ихаев назначен главным внештатным специалистом по скорой медицинской помощи СКФО - ИА Грозный-информ Министр здравоохранения Чеченской Республики Адам Алханов провел рабочую встречу с главным врачом Республиканской станции скорой медицинской помощи Алимханом Ихаевым.
ИА Грозный-информ
В городе Аргун планируется создание школы креативных индустрий - ИА Грозный-информ В Министерстве культуры ЧР состоялось совещание в режиме видеоконференции по вопросу реализации «дорожной карты» - создания в регионах России школ креативных индустрий в 2024 году в рамках федерального проекта «Придумано
ИА Грозный-информ
Кафедра "Технология строительного производства" ИСАиД ГГНТУ провела научный семинар на тему:  "Материалы и технологии для ремонта, восстановления и реставрации объектов культурного наследия"  в рамках Года истории,
ГГНТУ