Нохчийн меттан пачхьалкхан коьрта экзамен хьокъехь цхьаьнакхетар д1адехьира Х.Ибрагимовн ц1арах йолчу Математически школехь. Гуламан декъашхой бара нохчийн меттан хьехархой.
Семинарехь дийцаре дира нохчийн меттан пачхьалкхан коьртачу экзаменан д1ахоттамах а, чулацамах а., д1адаханчу шеран жам1ех а, хьехархоша дешархошца бан безачу белхан хьокъехь а.
Цхьанакхетаран хьалхарчу декъехь Нохчийн Республикин дешаран, 1илманан министро даггара баркалла аларца а, совг1аташ дарца билгалбехира ПКЭ кхиамца д1аяла "Ас д1алур ю ПКЭ" методически г1о-1амат вовшахтухуш къахьегна хьехархой: Абдурзаков Ш.И., Тутаева С.Л., Дудаев С.А-Х., Дашаева Л.Х., Хунарикова П.А.
Г1о-1аматна юкъайог1у: кодификатор, спецификаци, жоьпийн бланкаш кхочушъяран масал, инструкци, хаттаршна жоьпаш даларца кхочушбечу йозанан белхан кеп, тексташ-масалш, сочинени-ойлаяр язъяран методически хьехамаш, сочиненеш-масалш, сочинени-ойлаяр язъян пайдаэца коьчал, талламан-лараран коьчалийн варианташ (КИМ), экзаменнационни белхан мах хадоран къепе (критереш), жима лингвистически дошам, ТЛК- н жоьпаш.
Цул сов, г1о-1аматехь гайтина экзаменационни белхан 1 дакъа (хаттаршна жоьпаш даларца кхочуш бен жима йозанан болх), 2 дакъа (доцца жоп даларан т1едахкарш), 3 дакъа (сочинени-ойлаяр) кхочушдаран алгоритмаш. Кхиамца нохчийн меттан экзаменах чекхвала оьшург шадерг а дийцаре дина цуьнан чулацамехь.