Нохчийн мотт – цуьнан дахаран къилба

Нохчийн мотт – цуьнан дахаран къилба
Фото: www.stolicaplus.ru

Историкаша дийцарехь «Грозная» гIопан 1870-чу шарахь гIалин статусе ерзар хилла. Дукхах болчу Iилманчаша яздо оцу муьрехь дуьйна Соьлжа-ГIалин дахар кхиамийн заза хецна схьадогIуш хилла, бохуш. Бакъду, и кхиамаш муьлхачу хоршахь хилла хаа хала ду, ур-аттала берашна йоза-дешар Iамош цхьа а меттиг гIалахь хилла ца хилча. Нохчийн ярташкахь школаш цахиллий хууш ду. Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн хьоладайн а, эпсарийн а бераш цIахь Iамош хиллехь, мехкадаьттадаккхарехь къахьоьгучу оьрсийн белхалойн берашна деша школа ца хилла Соьлжа-ГIалахь ХХ-гIа бIешо долалуш а.

 

Историкаша дийцарехь «Грозная» гIопан 1870-чу шарахь гIалин статусе ерзар хилла. Дукхах болчу Iилманчаша яздо оцу муьрехь дуьйна Соьлжа-ГIалин дахар кхиамийн заза хецна схьадогIуш хилла, бохуш. Бакъду, и кхиамаш муьлхачу хоршахь хилла хаа хала ду, ур-аттала берашна йоза-дешар Iамош цхьа а меттиг гIалахь хилла ца хилча. Нохчийн ярташкахь школаш цахиллий хууш ду. Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн хьоладайн а, эпсарийн а бераш цIахь Iамош хиллехь, мехкадаьттадаккхарехь къахьоьгучу оьрсийн белхалойн берашна деша школа ца хилла Соьлжа-ГIалахь ХХ-гIа бIешо долалуш а.

Цундела къаьсттина мехала хета хIара бакъдерг билгалдаккхар: «Грозненское реальное училище» олу дешаран кхерч, схьавалар Шелара долчу нохчийн совдегаро Мациев Гехас, Соьлжа-ГIалара Михайловская, Александровская цIе йолу ши урам жIар болучохь лаьтташ хиллачу шен доларчу цIенош чохь йиллийтина хилла 1904-чу шарахь.

Юьхьанцара школа хилла нохчийн совдегаро комаьрша гIалин хьашташна дIаеллачу хIусамехь, амма 1912-чу шеран гуьйранна, гIалин куьйгалхойн а, бахархойн а лаам цхьанаийна, реальни училище йина цунах. Шен долахь долу цIенош маьхза Iедална нохчийн совдегаро дIадалар ларамаза яьккхина гIулч яц. Доза доцу комаьршалла, синкхетам, къоман кханенах ойла яр совдегарехь хилла хиларна тоьшалла ду иза.

Мациев Геха а, цуьнан вежарий а Къилбаседа Кавказехь бевзина ца Iаш, ерриге а Россехь, цуьнан дозанал арахьа бевзаш хилла, Европехь а шайн махлелоран зIенаш йолуш, шаьш схьабевллачу халкъан а, кхиъначу мехкан а бала болуш, къоман кхане серлаяла лууш, нохчийн халкъан лазамашна, сингаттамашна бала кхочуш, йолчу таронца оьшучохь гIо-накъосталла деш. Цундела лиъна Мациев Гехина Соьлжа-ГIалахь дешаран кхерч хила, цкъа мацца а нохчийн ярташкарчу берашна реальни училищехь деша гечо дер дуйла хууш.

Юьхьанца-м хьоладайн бераш хилла цигахь доьшуш МациевгIеран, КурумовгIеран, ЧермоевгIеран, СаракаевгIеран, ЧуликовгIеран, ШериповгIеран, БадуевгIеран, иштта дIа кхечеран а. Мациев Гехин пхоьалгIа доьзалхо Ахьмад а хилла реальни училищехь доьшуш. 1916-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина ваьлла кIант реальни училище. ХIетахь 14 шо хилла цуьнан. Меттанашка болу безам дукха хьалхе кхоллабеллера цуьнан дагчохь. Гехин хIусамехь хаддаза дукха хьеший лаьттара. Уьш нохчий хилла ца Iара. Гуьржий, эрмалой, хIирий, гIебартой, гIумкий, оьрсий, кхиберш хуьлура царна юкъахь. Цаьрга леррина ладугIура кIанта, хазахетара цара деш долу къамелаш. Делахь а, ненан матте кхочуш цхьа а мотт цахиларх дукха хьалхе кхеттера тIаьхьуо нохчийн къоман сийлахь воккха Iилманча хинволу кIант. Йоза-дешар Iамийна Ахьмадан нана Келимат а яра.

Дийца даьккхинчуьра аьлча, оьрсийн паччахьан эскаран инарла хиллачу Алиев Ирисханан нанас дена йина йиша яра Келимат. Ткъа АлиевгIеран доьзалехь даима хIайкал санна ларбеш бара нохчийн мотт, къоман гIиллакх-оьздангалла. И беркате ламаст шен берашка кховдийра нанас. Цундела хета нохчийн матте болу ховха безам Мациев Ахьмадан ненан шурица цIийх дIаийна бара аьлла.

Совдегаран кIентан говзалла

1902-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьлла нохчийн меттан верас Мациев Ахьмад. Доккха ков-керт дара МациевгIеран Барятинскийн урамехь, тIаьхьуо Ф.Дзержинский цIарах урам хилира цунах. Советийн Iедал чIагIделла дIахIоьттинчу муьрехь МациевгIаьргара схьадаьхначу цIенош чохь юьхьанца набахти а, тIаьхьуо лакхара суд яра.

ХХ-чу бIешеран юьххьехь Мациев Ахьмадан бералла дIаяхана хIусамаш яра уьш. Иза доьзалехь массарал жима вара. Цундела къаьсттина хьоме вара. Жимачохь дуьйна хьекъал долуш бер а дара. Цунна дерриге а хаа лаьара, малх буьйсанна дIа мичхьа буьжу, арахь мох хIунда баьлла, Iай ло хIунда дуьллу, бIаьсте къегинчу басаршца кхелина мичара йолу. Наггахь нана жоп дала а ца ларош алсам хуьлура Ахьмадан хаттарш.

ТIаккха, кIентан хааршка йолу сутара ойла дIаяккха йолчу Iалашонца нанас туьйра дийца доладора я хIара хьостуш йиш локхура. Ахьмадана нанас дуьйцучу туьйранна, дIалокхучу эшарна юкъахь хатта хIума карадора. Цунна хIора дош мехала хетара, церан маьIнех кхета лаьара. Воккха хилла, йоза-дешарца йолу юкъаметтиг шаръеллачул тIаьхьа-м Ахьмадан кисанахь даима лелош жима тетрадь хуьлура ша ца кхетта, я къаьсттина хазаделла дош дIаяздеш. ДIаяздинарг цкъа а диц ца лора цунна, цуьнан маьIнах кхетаза ца Iара, шена цахуург хатта цкъа а эхь а ца хетара.

Пхийттара валале нохчийн къоман дукха туьйранаш, бартан кхоллараллин иллеш, узамаш дагахь хаьара Гехин кIантана. Гуш дара дуьненан бахамал а Ахьмадана дош деза хеташ хилар а, цунах кIентан алсам самукъадолуш хилар а. Дас говза дIакхоьхьу совдегаралла, мел баккхий пайданаш беш делахь а, кхиъна вогIучу кIентан ойла шена тIеерзо ницкъ кхочуш дацара. Ерриге а Россина вевзачу инарлин йишин кIант вара аьлла, цкъа а герзах самукъадаьлла, бIаьхаллин некъех ойла хьаьрчина вацара Ахьмад. Иза машаре, маслаIате адам дара. Цуьнан къона ойла Iилманех хьерчаш яра, юьхьарлоцу дерг муьлха къилба ду цкъачунна ца хаахь а. Коьртаниг кхиамца училище чекхъяккхар дара, ткъа важа дерг шашаха дIанислур долуш санна хетара жимачу стагана.

Iедалан карчам

Лакхахь вай билгал ма-даккхара 1916-чу шарахь чекхъяьккхира Мациев Ахьмада Соьлжа-ГIалара реальни училище. ХIетахь Малхбале сийначу цIарах ягош боьдуш дуьненан хьалхара тIом бара. ТIом дIабирзина балале Россехь 1917-чу шеран гурахь Iедалан карчам хилира. 300 шарахь ерриге а Россина олалла деш Iийна РомановгIеран ворда Iинах яхара, паччахь Николай динара воссийра. Эссераш, кадеташ даржаш къуьйсучохь битина, большевикаш Iедале баьхкира. МациевгIарна а, яа сискал йолчу кхечу нахана а таьлсаш дуьззина сингаттамаш бохьуш деара Нохчийчу советийн Iедал. Юьхьанца хьоладайн бахамаш дIабохуш хиллехь, масех шо далале керлачу Iедалан векалш, дарделла жIалеш санна тIебетталора ши бежана долчунна, кхо уьстагI вовшахкхеттачунна.

Делахь а, кIезиг бацара керлачу Iедалх самукъадаьлларш а, большевикаша говза дуцучу питанийн машанех Iехабелларш а. Мискачу адамийн ойла керлачу Iедална тIеерзийнарг хIора юьртахь берашна деша школаш яр а, гIалагIазакхаша ямартлонца дIалийцина хилла нохчийн латтанаш юхадерзор большевикаша шайна тIелацар а дара.

Хьаналчу къинхьегамца гулбина бахамаш дIабохуш, советийн Iедало дена, девежаршна даккхий зенаш динехь а, НКВД-но ненаваша Алиев Ирисхан а, цуьнан ши кIант а къинхетамза хIаллаквинехь а, большевикийн къамелех Iехавеллачарех цхьаъ вара Мациев Ахьмад. Нохчийн къоман йоза-дешар кхиорехь керлачу Iедалх боккха пайда боллуш хетара цунна. Ткъа иза кхиор бераллехь дуьйна цуьнан сатийсам бара. Бакъволчу нохчичун яхь яра цуьнан ойланаш карзахйохург.

Иза хьаьгна вара ша схьаваьллачу нохчийн къоман а, кхечу къаьмнийн санна похIме яздархой, поэташ, дешан говзанчаш хиларх, уьш сихонца кхиаре а, дуьненна бовзаре а сатесна вара жима стаг. Хьоладен доьзалехь хьалакхиинчу Ахьмадан деша аьтто хиллера, цул сов цIахь йоккха библиотека яра, оьрсийн а, малхбузерчу Европин яздархойн, поэтийн говзарш юкъахь йолуш. Самонца уьш ешаро беркате синкхача латтийнера кIантана кхиъна вогIучу муьрехь.

Ткъа нохчийн къоман оцу тайпа говзарш, уьш язъян яздархой цахиларо, садуура цуьнан. Советийн Iедал тIедеанчу муьрехь Мациев Ахьмада дукха некъаш дира Нохчийчухула. Цхьаммо тIедиллина доцуш, Iедалера ял хир ю ала меттиг йоцуш шен лаамехь гездеш некъаш дара уьш – халкъо дицдеш лаьтта шира дешнаш дIаяздан Iалашо йолуш.

ЧIеберла, Шара, Зумса, Итон-Кхаьлла, Теркайист, иштта дIа кхин а тIекхача некъ боцучу, юьстах Iохкучу кIотаршка а тIехь воьдуш, къаношца охьахуий къамеле вуьйлуш, хаттарш деш, хIора дешан маьIна достуш дIаяздинера Iилманчас ша схьаваьллачу къоман шира дийцарш, кицанаш, туьйранаш, иллеш. Царна юкъара схьаяздора ширделла дешнаш. Деши карийча санна самукъадолура, хазаза алсам хан яьлла, халкъалахь дицлуш лаьтта керла дош хезча. Пхеа-ялх шарахь, садаIар доцуш, дуккха а къахьегна дешнийн йоккха хазна гулйинера Мациев Ахьмада.

Пхеа-ялх шарахь гIаш ламанан некъаш гездеш гулдинчу дешнех цхьа йоккха «ларча» хилча, уьш зорбане даха а, халкъана, махкана довзийта а лаам кхоллабелира. Усларан лорах и тайпа кIорггера Iилманан болх нохчийн маттана тIехь бина бацара цхьаммо а. Бакъду, XIX-чу бIешарахь Услар Петара Досин Къедас а къахьегна нохчийн мотт толлуш а, нохчийн меттан дуьххьарлера абат хIоттош а.

1888-чу шарахь Гуьржийчоьнан коьртачу шахьарехь Тифлисехь монографи зорбане яьккхина Iилманчас «Этнография Кавказа. Языкознание». Монографина юкъахь йоккха меттиг дIалоцуш бу Услара нохчийн меттан бина талламаш. Иштта, монографина юкъахь ю Услара кирилици тIехь хIоттийна нохчийн духхьарлера грамматика, эзар дешнех вовшахтесна, жима дошам а. Дийца даьккхинчуьра аьлча, вайн махкахочо, Россин эскаран прапорщик хиллачу Досов Къедас нохчийн меттан абат зорбане яьккхина 1862-чу шарахь, Услара гIо а деш. Нохчийн берашна йоза-дешар Iамо йолчу Iалашонца Соьлжа-ГIалахь школа схьайиллина.

КIезигчу хенахь бен дешаран кхерчо болх ца бинехь а, 25 стагана йоза-дешар Iамо ларийра хьехархой шина баттахь. Досов Къедас хIоттийна абат кирилици тIехь хIоттийна яра, гуьржийн алфавитера масех элп юкъа а далош. Шен хенахь иза Iаламат боккха кхиам бара, нохчийн халкъана мах боцу совгIат дара. Цундела, Досовс, Услара бинчу белхан мехалла хIинца а яза ю. Немцо хиллачу баронан Услар Петаран цIе халкъан иэсехь яха йисина, цуьнан къинхьегаман беркат тахана а вайх хьерчаш ду.

Делахь а, билгалдаккха луур дара арахьара тIевеанчу стага бинчу талламел вайна гергара, хьоме, мехала бу нохчийн маттаца хьалакхиинчу Мациев Ахьмадан къинхьегам. Меттан хьал девзаш, цIеначу даггара иза беза а безаш, нохчашна шайн ненан мотт хаа, бовза лууш бина вайн махкахочо болх. Советийн Iедалан ямартлоно, къизалло гIайгIанийн бода букъбинчу дахарехь самалхадоккху зевне илли дара Мациев Ахьмадана нохчийн мотт.

Кхиамийн новкъахь

1926-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу «Серло» книжни издательстве балха хIоьттира вайн турпалхо. Техникин редакторан дарж дара юьхьанца цуьнга кховдийнарг. Амма дукха хан ялале издательствон тоьлла белхахо хилира 24 шо кхаьчна жима стаг. Иза цуьнгара кIорггера хаарш, ира хьекъал, сема тидам, хьуьнар, похIма бахьанехь баьккхина кхиам бара. Вайна ма-хаъара, чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 20-гIа шераш Нохчийчохь Советийн Iедал чIагIлун мур бара. Вовшашца йохье буьйлуш, компартин баьччанаша беш болу кхайкхамаш бара зорбане буьйлуш.

Дуьххьара зорбане оьрсийн маттахь буьйлура уьш. Керлачу Iедална, цуьнан баьчча хилла хьалхаяьллачу компартина хастаме «зурманаш» яра царах дукхахъерш, хIора хьаьркаца коммунистийн идеологин хIуо детталуш. Оьрсийн маттахь уьш зорбане йийларх тоам ца хетара Iедална муьтIахь болчу чиновникашна. Цундела, шайн дагахь, ахархойн екхачу синошка дIакхачийта, СССР-хь дехачу дерриге а къаьмнийн меттанашка баьхна кхин цкъа а зорбане баха безаш нислора и кхайкхамаш. Нохчийн халкъ а юьстах дуьтийла дацара оцу балхана.

Цул сов, нохчашна цкъа а хезна доцу дешнаш дара революционни кхайкхамашна юкъахь: съезд, середняк, кулак, совет, кхидIа а, масане дара уьш. Уьш гочдан дезара халкъана, махкана товчу агIор. Оцу балхаца Iаламат дика ларавора Мациев Ахьмад, бераллехь дуьйна оьрсийн а, нохчийн а меттанаш цхьаьна Iамийна, кIорггера хууш хиларе терра.

Дийца даьккхинчуьра аьлча, революционни терминологи гочъеш нохчийн матте яьккхинарг вайн турпалхо ву. Жигара бечу балха тIехь шен корматаллина пайда гора цунна, нохчийн меттан таронаш йовзарал сов, уьш шоръян а, кIаргъян а аьтто бора гочдарша. Амма иза данне а дац гочдарш тIехь цуьнан болх дIабоьрзуш бара бохург. Соьлжа-ГIаларчу книжни издательстве балха хIоьттина шо а далале цо зорбане боккху шен дахаран коьрта болх – нохчийн меттан дуьххьарлера дошам. «Чеченско-русский словарь» яра дошаман цIе. 20 000 дош юкъалоцуш Iаламат боккха болх бара иза. Дошам юкъаяьлла 90 шо кхаьчна. Амма, тахана а вайх хьерчаш ду цуьнан беркат. Зорбане яьллера аьлла, паргIатваьлла тесна ца йитира Мациев Ахьмада шен дошам.

1937-гIа шо тIекхаччалц хаддаза цу тIехь болх беш вара Iилманча, иза цIинъеш, дешнаш гулдеш. Цуьнца цхьаьна цо болх бора нохчийн берашна дешаран Iаматаш хIиттош, абаташ зорбане йохуш, дешархошна шардаран белхаш кечбеш. Советийн Iедал тIедеача латиници тIехь керла алфавит кхоьллина вайн республикехь. Иза вовшахтухуш а алссам къахьегна Мациев Ахьмада.

Доцца аьлча, вайн йоза-дешаран бух буьллуш хьанал къахьегначарех цхьаъ ву иза. Де-буьйса ца лоьруш къахьегна цо дешаран серло Нохчийчоьнан массо а маьIIе кхачийта лууш, вайн махкарчу берашкахь хааршка болу безам чIагIбан лууш, йоза-дешарца хIора стеган даггара уьйр-марзо хилийта, мискачу адамийн дегнаш ирсо хьоьстийла, церан яххьаш маьлхан зIаьнарех лепийла лууш. Цуьнан шеко ца хилла гергарчу хенахь дерриге а хазаделла, тоделла дIахIуттург хиларх. Мелла сиха и денош тIекхача лууш де-буьйса ца лоьруш ваьцна иза. Белхан накъосташна, Ахьмадан заманхошна гуш, евзаш хилла жимчу стеган корматалла, нохчийн матте болу ховха безам.

1930-чу шарахь Мациев Ахьмад Нохч-ГIалгIайн Республикин меттан а, литературин Iилманийн-талламан институте балха дIавуьгу, меттан секторан куьйгалле хIоттош.

Ткъа 1931-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин КПСС-н обкоман сацамца «нохчийн меттан грамматика» кечъеш къахьоьгучу авторийн тобанна куьйгалла дар тIедуьллу цунна. Мациев Ахьмадан хьуьнар бахьанехь 1933-чу шарахь «Серло» издательствехь зорбане йоккху «Нохчийн меттан грамматика». Цул сов, нохчийн меттан диалекташ, ерриге а кIоштийн лексика Iамош, толлуш, царна тIехь болх беш хилла Ахьмад. Вайн чIагIо ян бакъо ю нохчийн меттан исбаьхьа кIоргенаш Iилманан тIегIанехь талларехь а, ястарехь а дуьххьара гIулчаш яьхнарг А.Мациев ву аьлла.

ХХ-чу бIешеран чолхечу 30-чу шерашкахь Iилманчина гечо карийна бIешерийн бодано хьуламехь латтийна нохчийн мотт Iилманан серлоне кхачо. Сил дукха ша схьаваьлла халкъ, цуьнан мотт безачу стаге бен далур долуш дац иза. Шена гуонаха дерг ца галлал бIаьрзе ца хилла Iилманча. Цунна массарначул а шера гуш хилла ХХ-чу бIешеран 30-чу шераша дебийна къизаллаш, бехк боцучу адамашна тIехь латтон таIзарш, барт хаттар доцуш царна еш йолу къиза кхиэлаш.

Делахь а, дог реза дина советийн Iедал тIелаьцна хилча, цхьа мисхал а цунна ямартло йина ца хилча, балхана пе бетташ, атта дахар лоьхуш ца хилча, ша жоьпе ийзо бахьана карор дац моьттуш хилла иза. Нохчийн маттаца боьзна хиларна безаш хаьржина болх а, напха латтон ша декхарийлахь волу шен доьзал а – и ши гIайре хилла Мациев Ахьмада йоIбIаьрг санна ларъеш, кхидолчуьнца цуьнан бала ца хилла. Цхьана а стагца хьагI-гамо а, мостагIалла а, эмгаралла муххале а ца хилла.

1937-чу шарахь хIусамнана, виъ доьзалхо волуш, гIеметтахIоьттина стаг хилла Ахьмад. ХIусамнана Кацина кхунна чIогIа муьтIахь хилла. Иза ГIебартойн махкара хилла. Мел яккхий халонаш тIехIиттарх яхь дIа ца луш Ахьмадан чолхечу дахарехь тешаме накъост, ондда гIортор хилла чекхъяьлла Кацина.

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах махках бохуш, ша нохчи яц аьлла кIелхьара ца йолуш, шен диъ бер маракъевлина, Юккъерчу Азе боьду шийла некъ юьхьарлецира зудчо, хIусамда набахтехь воллушехь, шен гергарнаш, верасаш Кавказехь буьтуш. Евзинчара, гиначара тоьшаллаш дарехь, туй тесний бен бIаьра хьожур воцуш хаза зуда хилла Кацина. Цуьнан хазалло, гIиллакх-оьздангалло, амало йолчунна тIе а хазйина хилла иза.

НКВД-н ларми чуьра эрчонаш

Къизаллин гIура чIагIъяларца мискачу адамийн дог эшош деара 1937-гIа шо. Сингаттамаш, Iедалан ямартлонаш Нохчийчохь дебна Iаш яцара. СССР-н массо а маьIIера адамаш дара хьере хилла. ДIалоьцуш, набахти чудухкуш дара бехк боцу адамаш (чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 20-чу шерийн юьххьехь дуьйна дIалахьийнера).

1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 31-чу суьйранна Нохч-ГIалгIайн Республикин массо маьIIера схьалахьийна, цхьана буса 14 эзар стаг чувоьллира.

1937-чу шеран хьаьттан (август) беттан 1-чу дийнахь. Соьлжа-ГIалахь, ярташкахь, кIотаршкахь наггахь а керт ца йисинера бохам хилаза, буса жIалеш санна чулилхинчу НКВД-н белхахоша бехк боцу стаг дIавигина набахти чу кхоссаза. Оцу деношкахь вайнехан Iовжийна дог тоьаш ца хиллера къоман мостагIашна.

1937-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан чаккхенехь Москвахь зорбане дуьйлучу «Правда» газетехь цхьа йоккха питане статья араелира «Буржуазно-националистический клубок в Чечено-Ингушетии» цIе йолуш. Авторан цIе яцара статьяна буха язйина. Амма статьян хIора могIано орца дохура Iедалан векалшка Нохч-ГIалгIайн Республикехь орамаш хецна националистийн бен бохабар доьхуш.

Статьян къайлахчу авторо чIагIдарехь республикин куьйгалхой, нохчийн миска халкъ, компартин лехамашна бIостанехьа дерзийна, харцновкъа дIадуьгуш бара. Кхеташ дара зуламе тIаьхье йоцуш «Правдин» агIонаш тIехь зорбане яьлла статья юьсург цахиларх. Амма цхьанна а дагахь дацара бохаман барам иштта боккха, ирча хир бу бохург. НКВД-н куьйгалхочун Ежов Николайн заместитель Шкирятов Матвей кхечира Соьлжа-ГIала.

1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Ленинан цIарах долчу культурин цIийнехь Нохч-ГIалгIайн КПСС-н обкоман йоккха пленум хилира Шкирятов Матвейн омрица. Цо тIедилларца Нохч-ГIалгIайн ерриге а кIоштийн, яртийн, кIотарийн куьйгалхой бара пленуме кхайкхина. Пленумехь къамел дIадолор а чIогIа кIоршаме дара Шкирятовн, нохчийн гIиллакхаш стенна хьехадора, ур-аттала Iедалан гIиллакхашца догIуш а дацара. Маьттаза дешнаш кхоа ца деш мохь хьекха волавелира иза.

Цо дийцарехь, Нохч-ГIалгIайн Республикехь революцин идейшна, компартин лехамашна дуьхьал болх беш болчу мостагIийн бен бара, Iедалан балхахь берш массарел ямарт болуш. Пленумехь хилла цхьа а нохчи я гIалгIа ара а цавалийтира. Шкирятов Матвейн омрица уьш берриге а лаьцна, набахти чу кхийсира НКВД-н белхахоша. Нохч-ГIалгIайн Республикин обкоман КПСС-н шолгIачу секретарана тIера дIабуьйлабелла, ерриге а кIоштийн, яртийн, кIотарийн куьйгалхой чубоьхкира, цаьрца цхьаьна суьдехь, прокуратурехь, радиохь, газетехь, Iилманехь къахьоьгучеран куьйгалхой а. Цундела цецволийла дац царна юкъахь Мациев Ахьмад хилла хиларх.

Саламов Iабдул-Хьамид, Авторханов Iабдурохьман, Мальсагов Дошлако, Мамакаев Мохьмад, Арсанукаев Халид, Мехтиев Хьасан, иштта дуккха кхиболу яхь йолу кIентий хилла бехк-гунахь доцуш набахти чу боьхкина. НКВД-с чубоьхкинчарна тIехь къиза таIзар латтош хилла. Дукха бу дов-хаттар, кхиэл яр доцуш тоьпаш тоьхна хIаллакбинарш. Оцу халачу зерех чекхвала дезна А.Мациевн а. Еттаран къизалла, мацалла, шело, гIело лайна. Кхаа шарахь набахтехь бахкийна хIорш. Мамакаев Мохьмад, Мальсагов Дошлако, Авторханов Iабдурохьман хилла Ахьмадца цхьаьна камери чохь. Совдегаран кIант ву бохуш, къаьсттина луьра таIзар Мациев Ахьмадехь латтош хилла. Амма цуьнан амал каг ца елла НКВД-н белхахошка. Цо цхьана кехат тIе куьг ца яздина, цхьана стагана йоцу цIе ца кхоьллина, шена мел боккха ницкъ барх.

Кхечарел чIогIа холчахь хилла Ахьмад. ХIара вина, кхиъна, зевне бералла дIаяханчу цIенош чохь хилла набахти. Церан дов суьде дIадохьуьйту 1940-чу шарахь. Дуьненах а, эхартах а кхара дог диллинчу хенахь билгалдаьлла суд хинйолу де а. Маршоне, нийсоне сатийса ницкъ бисина ца хилла. ЦIа хабар-кост кхетадайта аьтто болу Мациев Ахьмадан. Кацине бераш далош цкъа набахтина герга яр доьхуш дахьийтина хабар дара иза. Царах корехула мукъане тIаьххьара бIаьрг тоха лаарна дина дехар хилла иза. ХIусамдена дагахьбаллам ца бита Кацинас кхочушдина и дехар. Шен диъ бер далош Дзержинскийн цIарах болчу урамехула дIасайолало иза, йиллинчу хенахь. Шийлачу ойланца берех бIаьрг тохар а хуьлу дуьненах дог диллинчу Мациев Ахьмадан…

Ткъа суьдехь дагахь доцург хуьлу. Суьдхочо дов дохадо. Бехк-гунахь доцуш кхаа шарахь чохь латтийна къоман интеллигенцин векалш паргIатбоху. Амма оццу 1940-чу шеран гурахь А.Мациев юха а чувуллу. «Халкъан мостагI ву» олий харц цIе йой, Казахстане дIахьажаво. Мациев Ахьмада набахтехь даьккхинарг дерриге а 15 шо ду. Дукха хан ю иза, хьенан а амал кагйийр йолуш, милла а шен ойланех вохор волуш, къилбанах тилор волуш.

ТIаьххьара шераш

Бакъду, Мациев Ахьмадан амал кагъян а ницкъ ца кхаьчна Iедалан. Казахстанехь шен доьзалх дIакхетий, 1957-чу шарахь вайнах цIабоьрзуш, хьалхарчийн могIарехь Кавказе кхочу вайн турпалхо. Тоххара санна сутара балхана тIевоьрзу иза, балхана юкъара ца волуш Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институте деша воьду, иза кхиамца чекхйоккху. Доцу бахьанаш лехна НКВД-но цкъа мацах зорбане яккхар дихкина йолу кхуьнан «Нохчийн-оьрсийн дошам» 1961-чу шарахь Москвахь зорбане йоккху. Дуьненна бевзачу меттан Iилманчаша Мациевс бинарг вуно боккха болх хиларна тоьшаллаш деш.

Ткъа 1963-чу шарахь «Нохчийн-оьрсийн дошаман» буха тIехь филологин кандидатан диссертаци тIечIагIйо Ахьмада. Нохч-ГIалгIайн Автономни Республикин меттан а, литературин а Iилманан-талламан институтехь а, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а болх бо А.Мациевс. Студенташна нохчийн мотт хьоьху цо. ТIаьхьуо баккхий Iилманчаш а, нохчийн меттан говзанчаш а хир бу цуьнан студентех. Дерриге а дахарехула чекхбоккхур бу цара шайн хьехархочуьнга болу ховха безам а, цуьнан цIаре болу ларам а. Цара массара билгалдоккху Мациев Ахьмад воккха Iилманча хилла ца Iаш, вуьззина нохчийн къонах хилла хилар. Цуьнан дикалло, хьекъало, бIаьргийн серлоно дуьне дохдеш хетара шайна бохуш, дуьйцу тахана а цуьнан студенташ хиллачара. Мациев Ахьмад воккха къинхьегамхо хилла. Кхин хIумма а ца хилча а Нохчийн-оьрсийн исс дошам зорбане яьккхина цо.

Царах тахана а вай пайдаоьцуш ду. «Чеберлоевский диалект чеченского языка» цIе йолу книга зорбане яккха кхиъна Ахьмад. Иштта, Iилманча дийна волуш зорбане яьлла «Лексикология современного чеченского языка». Дина диканаш алссам делахь а, дан долийна гIуллакхаш кхин а дукха хилла. 15 шо набахтехь даккхаро могашалла галъяьккхинера Iилманчин. Лазарша лаьцнехь а, къар ца луш хьалхахьа дIагIертара иза нохчийн маттах самукъадолуш, иза дахаран илли, бохамех Iалашвен хIайкал лоьруш.

Амма 1968-чу шеран бекарг (март) беттан 7-чу дийнахь белхан меттехь Мациев Ахьмадан экаме дог детталучуьра сецира, кхин цкъа а ца тохадала. 66 шо дара цуьнан дахаран некъ хедаш, цо идийначу а, иза идийначу а замано тIаьххьара тIадам хIоттош. Мациев Ахьмад санна волчу къонахчунна йоца оьмар ю иза. Делахь а, къоман иэсехь дисина цуьнан амат. Иза вевзанчийн а, везначийн а дагалецамашкахь деха Iилманчин оьзда куц-кеп, цуьнгахь хилла ийман, собар, доьналла, гIиллакх. Дерриге а дахар нохчийн мотт талларна дIаделла цо. Нохчийн меттан беркате Iу хилла иза. Цундела висина халкъан иэсехь.

А.ГАЗИЕВА

 

 
По теме
ЧЕЧНЯ. Казалось бы, какая может быть связь между именами одного из самых притягательных личностей в истории становления ислама на Кавказе достопочтенного шейха Бамат-Гирея-хаджи,
ЧЕЧНЯ. В Республиканском комплексе общего и дополнительного образования «Квант» прошел семинар-совещание, организатором которого выступил Региональный модельный центр дополнительного образования детей.
Алимхан Ихаев назначен главным внештатным специалистом по скорой медицинской помощи СКФО - ИА Грозный-информ Министр здравоохранения Чеченской Республики Адам Алханов провел рабочую встречу с главным врачом Республиканской станции скорой медицинской помощи Алимханом Ихаевым.
ИА Грозный-информ
Второй этап конкурса «Знаток чеченского языка» пройдёт 2 апреля 2024 года - ИА Грозный-информ Министр образования и науки Чеченской Республики Хож-Бауди Дааев принял участие в очередном заседании рабочей группы Экспертного совета по сохранению и развитию чеченского языка при Главе Чеченской Республики.
ИА Грозный-информ