Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

Хьоме махкахой!

Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

ХIара де Нохчийчоьнан дерриге а халкъан дезде хилла дIахIоьттина. Иза даздо ерриге а гIаланашкахь, шахьаршкахь, кIошташкахь. ХIокху дийнахь адамаша къоман духарш тIедуху, ненан маттахь иллеш олу, эшарш лоькху, байташ йоьшу. Со воккхаве, сан самукъадолу оцу суьрте хьоьжуш.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин уггаре а коьртачу декхарех ду нохчийн мотт Iалашбар а, кхиор а. Оха дерриге а хьелаш кхоьллина ненан мотт массанхьа а бийцийта, Iамабайта, марзбайта. Ненан маттахь арадолуш газет, журналаш, книгаш ю вайн. Къаьсттина тидам тIебохуьйту къоман театр, эстрада кхиорна, телевиденехь а, радиохь а ненан мотт бийцийтарна.

Шен ненан мотт бицбича, дIатесча хIаллакьхуьлуш ду муьлхха а халкъ. Вайн сийлахь декхар ду ненан маттаца экаме юкъаметтиг хилийтар, иза тIекхуьучу тIаьхьенашна Iалашбар. ХIунда аьлча, ненан мотт вайн гIиллакхийн, оьздангаллин, эхь-бехкан, дайн Iадатийн бух бу. Мотт дIабаьлча, дIайовлуш ю и еза мехаллаш.

Даима а бехийла вайн халкъ дийна хиларан, ницкъах, доьналлех дуьзна хиларан коьрта билгало хилла лаьтташ болу нохчийн мотт».

Дезчу денца, хьомсара доттагIий!

«Вай даима дагахь латто деза къоман оьздангаллин могашалла дуьххьалд1а ненан матто латтош хилар»

(Р. Кадыров)

№ 74(2508)

 

Ещё новости о событии:

Берийн дегнаш ц1ена ду. Царна ца хаьа шалхонаш, хьаг1-боданаш, ца бо озабезамаш, цара ца дуьйцу харцдерг.
17:10 27.04.2015 Vesti95.Ru - Грозный
ХIокху дуьненахь болу массо а мотт Дала кхоьллина бу, хIокху дуьненахь долу массо а адам санна.
17:10 27.04.2015 Vesti95.Ru - Грозный
«Дуьххьара дуьнен чу ваьлча, Вайн 1алам сайн б1аьрга дайча, Сайн ненан дош лерехь декча, Схьахезнарг ненан мотт бара.» (З.ДЖАМАЛХАНОВ)   Бакъду и. Шен къам дезарг ву вуьззина къонах.
17:09 27.04.2015 Vesti95.Ru - Грозный
ХIора шарахь апрель беттан 25-чу дийнахь вай билгалдоккху уггаре а къона, амма вайн къоман дахарехь уггаре а маьIнечех цхьаъ долу дезде – Нохчийн меттан де.
17:09 27.04.2015 Vesti95.Ru - Грозный
16631223 - Vesti95.Ru
Хьоме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! ХIара де Нохчийчоьнан дерриге а халкъан дезде хилла дIахIоьттина.
17:09 27.04.2015 Vesti95.Ru - Грозный
 
По теме
ЧЕЧНЯ. Перед судом предстанет местный житель, обвиняемый в применении насилия в отношении представителя власти Ачхой-Мартановским межрайонным следственным отделом завершено расследование уголовного дела в отношении 33
Заместителем прокурора республики Сергеем Семёновым утверждено обвинительное заключение и направлено для рассмотрения по существу в Ачхой-Мартановский районный суд уголовное дело в отношении местного жителя,
ЧЕЧНЯ. В рамках реализации национального проекта «Безопасные качественные дороги» в Ножай-Юртовском районе республики ведутся работы по ремонту моста на 1 км подъезда к селу Чурч-Ирзу от а/д Ножай – Юрт – Зандак – Симсир
ИА Чеченинфо
В городе Аргун планируется создание школы креативных индустрий - ИА Грозный-информ В Министерстве культуры ЧР состоялось совещание в режиме видеоконференции по вопросу реализации «дорожной карты» - создания в регионах России школ креативных индустрий в 2024 году в рамках федерального проекта «Придумано
ИА Грозный-информ
Кафедра "Технология строительного производства" ИСАиД ГГНТУ провела научный семинар на тему:  "Материалы и технологии для ремонта, восстановления и реставрации объектов культурного наследия"  в рамках Года истории,
ГГНТУ