Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,  Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан  Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар
Фото: vesti95.ru

Лараме махкахой!

Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!

Шен ненан матте безам боцуш верг, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцуш верг, иза Iалашбеш воцург шен Даймехкан бакъволу патриот хуьлийла дац. Дуьненахь уггаре а хьалдолуш а, хаза а бу нохчийн мотт. Оцу маттехь дерриге а ду – нохчийн башхалла, цуьнан истори, культура, ламасташ. Вайн мохк кхин а чIогIа беза вайна ницкъ ло цо.

Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо даима а олура, шен ненан мотт безар а, цуьнан сий-ларам бар а, ша-шен ларар а, шен халкъ ларар а ду. Ненан мотт дIабаьлча, къам долчуьра дIадовлу вай.

Тахана нохчийн мотт школашкахь а, вузашкахь а Iамош бу, оцу маттахь арадовлуш газеташ, журналаш ду, еш передачаш ю, дIахьош яккхий, сий-лараме мероприятеш ю. Вайн дозалла дан йиш ю мел хала киртиг тIехIоьттича а, мел самукъане мур беача а – массо а хенахь нохчийн маттана тешаме хилла дисина вай, цо вайна даима а гIо а дина.

ХIокху дезачу дийнахь вай дIагойту нохчийн матте болу вайн безам, дагалоьцу вайн орамаш, баркаллаш боху нохчийн маттахь деша а, яздан а Iамийна болчу вайн хьехархошна.

Вайн декхар ду ненан маттаца йовха, аьхна юкъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза, дIабер бац.

Ларбелаш нохчийн мотт!

Декъалдо шу дезачу денца! Лаьа шу маьрша, ирсе, токхе дехийла. Дала аьтто бойла шун а, шун гергарчеран а!

№ 31 (2925)

Ещё новости о событии:

Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмчохь нохчийн къам Нохчийн меттан денца декъалдира.
10:01 26.04.2017 Вести республики - Грозный
Тахана Нохчийн Республикан бахархоша даздеш ду ненан меттан Де. Дагадаийта лаьа, Ахьмад-Хьажин Рамзана 2007 шарахь шен омрица т1еч1аг1дира и деза де билгалдаккхар.
18:50 25.04.2017 Общественная палата - Грозный
Лараме Ахьмадан Рамзан!  Хьоме махкахой! Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца.
18:02 25.04.2017 ИА Чечня Сегодня - Грозный
Автор: Зубайр Байраков Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмчохь нохчийн къам Нохчийн меттан денца декъалдира.
16:42 25.04.2017 ИА Чечня Сегодня - Грозный
Нохчийн Республикан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмчохь нохчийн къам Нохчийн меттан денца декъалдира.
15:23 25.04.2017 Главa и Правительство - Грозный
Ас­саламу ӏалайкум, хьо­ме доттагӏий! Тахана нохчийн халкъо даздеш ду уггаре а мехалчу дезденойх цхьаъ - Нохчийн меттан де!
14:46 25.04.2017 Комитет по делам молодежи - Грозный
Тахана Нохчийчохь дезде ду – Нохчийн меттан де. Тайп-тайпана хуьлу деза денош: хьехархойн, лоьрийн, геологийн, студентийн, прокурорийн, баккхийчу нехан, берийн, иштта кхин а, кхин а. Хьенан дезде ду Нохчийн меттан де?
10:47 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Элпаш ас школехь Iамийнехь а, оьшучу вастехь со яздан Iамийнарг «Серло» газет ду.
10:47 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь кегийрхошна юкъахь хаттам дIабаьхьира оха.
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Даиманна а сан иэсехь дисина бераллера ши сурт… Тезетехь къамел деш ву къано.
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Хьоме махкахой! Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца!
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун,  Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан  Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар - Вести республики
Лараме махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Шен ненан матте безам боцуш верг, цуьнца ховха юкъаметтиг йоцуш верг, иза Iалашбеш воцург шен Даймехкан бакъволу патриот хуьлийла дац.
10:46 25.04.2017 Вести республики - Грозный
 
По теме
Помощником прокурора Шелковского района Лианой Умаевой поддержано государственное обвинение по уголовному делу в отношении М., обвиняемого по ч. 1 ст.
ЧЕЧНЯ. Следственное управление предупреждает об уголовной ответственности работодателя за несвоевременную выплату заработной платы Невыплата заработной платы и иных выплат (пенсий, стипендий,
Помощником прокурора Шелковского района Лианой Умаевой поддержано государственное обвинение по уголовному делу в отношении М., обвиняемого по ч. 1 ст.
Газета Терская Новь
Перед судом предстанет местный житель, обвиняемый в  даче взятки инспектору ДПС - Следственный комитет Ачхой-Мартановским межрайонным следственным отделом СУ СКР по Чеченской Республике завершено расследование уголовного дела в отношении местного жителя, который обвиняется в соврешении преступления, предусмотренного ч.3 ст.30,
Следственный комитет
Музейный урок «Крым и Россия – навсегда!» - Музей Чеченской Республики 18 марта директор Литературно-этнографического музея Л.Н.Толстого С.Загибов провел на базе МБОУ «Старогладовская СОШ» музейный урок на тему: «Крым и Россия – навсегда!»,
Музей Чеченской Республики